Участие в семинаре
2026 шеран бекарг беттан 31-чу дийнахь Ойсхара -ГIалара К.Л.Тепсуевн ц1арах №5 @ssh_5_oyskhara йолчу йуккъерачу ишколехь дIайаьхьира «Нохчийн меттан пачхьалкхан коьрта экзаменна кечамбаран дикалла а, йешаран т1ег1ан дикалла а лакхайаккхар, меттан функцин говзалла лакхайаккхар» цIе йолу практически семинар.
Иштта цу семинарехь жигара дакъалецира Ойсхара-Г1алара берийн суртдилла 1амочу ишколан белхахоша. Цара гайтаме дихкина дара Нохчийчуьра хазачу 1аламан суьрташ.
Семинаре кхайкхина бара Гуьмсан муниципальни кIоштан ишколашкара нохчийн меттан, литературин хьехархой.
Хьехархочо Хасанова Абусаидан Есирата йелира 6-чу классехь «Хандешан билгалза кеп» тема йолу нохчийн меттан урок.



